Доьзалехь ницкъ бора шена, вуьйр ву бохуш кхерамаш туьйсура аьлла гIарадаьккхинчул тIаьхьа дIавайна хилла ГӀалгӀайчуьра 16 шо долу Мусиев Ислам зӀене ваьлла. Гучудаьлларг ду, цуьнан гергарчара иза нуьцкъала психиатрин дарбан цӀийне охьавиллина хилар, цул тӀаьхьа цигара араваьккхинера цара кIант. Дийцарехь, хIинца цунна пурба делла луларчу регионехь ваха а, колледже деша хIотта а, цунна лерина петар а лаьцна чохь Iен. И санна долу дийцарш кхечу тайпа доьрзуш хиларе хьаьжча, Ислама ша кхерамзаллехь ву бахахь а, бакъоларйархойн шеконаш йуьсу.
Кху аьхка Мусиев Ислам зIене ваьлера «Нана йоцу Кавказ» тобанан бакъоларйархошца, цо дийцира кест-кеста шена дас-нанас йетташ хиларх, вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсарх а. Йукъараллин белхахоша тхан сайтаца хиллачу къамелехь дийцарехь, цигахь йуьхьанца шеконаш йолуш хиллера. ХIунда аьлча, церан болх берашца болчу зударийн бакъонаш Iалашйан аьлла, хьажийна бу, цундела аьтто ца хилира церан цу кIантана орцах бовла. Ислама доьхура, ша ГIалгIайчуьра араваккха, амма и дойла йацара; цуьнан берхIийтта шо а дацара.
"Тхан йиш йац берана эвакуаци йан а, цунна хIусам лаца а, иза школе дӀанисван а, цунна адвокат латто а. Оьрсийчоьнан низамашца, и зулам лорур дара, бер лачкъийна аьлла. Цундела, шеко йоццуш, тхан бакъо йацара тхешан белхахой кхерамна буха а буьгуш, и тайпа гIуллакх тIеэца. Ткъа карарчу хенахь цу тайпачу хьолехь хьаьнга орца деха деза хууш дац, хIунда аьлча, бакъоларйаран органаша, вайна гуш ма-хиллара, ца бевллачу денна бен цу гIуллакхийн терго ца йо. Ткъа нагахь санна и Къилбаседа Кавказ йелахь, тӀаккха уьш, дукхах долчу хьолехь, йуха а ца хьовсу", - бохуш, кхетийра Исламна гӀо динчу бакъонашларъяран "СК SOS" кризисан тобанан векало Мирошникова Александра.
Кавказехь доьзалехь ницкъбина нах оьшуш ца буьгу психиатрин клинике, и нах "меттабалабайта" олий буьгу
ГӀалгӀайн кхиазхочунна гӀо даран коьрта стратеги йара цуьнан гергарчаьрца лаьтта дов дӀадерзор, "хIуъа дина а цуьнан берхIийтта шо кхаччалц" царна йукъахь маслаIат хилийта. Цул совнах, бакъонашларъярхоша дехар динера кхиазхойн гӀуллакхашкахула йолчу инспекторе (ПДН) МусиевгӀеран доьзалера хьал таллахьара аьлла.
"Делан къинхетам бара ПДН-н белхахой орцахбовлар. Тхуна ма-хаъара, цара барт бира, шаьш хьал тергонехь латтор ду аьлла, хаддаза зӀенехь бара уьш Исламца. Амма тӀаккха цхьана хӀуманна цӀеххьана къаьхкира уьш. Цхьана муьрехь кхиазхо панике ваьллера: ПДН-о жоп ца лора цунна. Цул тIаьхьа ши де даьлча иза ша а дIавайра", - дуьйцу «Нана йоцу Кавказ» тобанан белхахочо.
Инспектор веанчул тӀаьхьа доьзалехь цунах летачуьра севцча, Исламан дегайовхо йара, ша да-нана доцу бераш латточу хIусаме дIалур ву аьлла. Ткъа и кIант зIенера дIавайначул тIаьхьа ПДН-н белхахоша бакъ ца дира, шаьш МусиевгIеран цIахь хилар. Цул тӀаьхьа бутт гергга хан йаьлча кхиазхочун аьтто баьллера зӀене вала. Оцу хенахь бакъонашларъярхой ларийнера Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхеташонера бертаза къайлабаьхначу нахаца болх бечу тобане а, Оьрсийчоьнан Талламан комитете а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле а дIахаийта. Ницкъаллин структураша тӀечӀагӀдира, инспектор кхиазхочун доьзалехь хилла хилар, амма, дийцарехь, цигахь цхьа а низам дохийна меттиг карийна бацара. Цул совнаха, гучуделира Ислам цхьана бехктакхаман гӀуллакхехь теш йа волайнхо хилар, цунах лаьцна таханлерчу дийне кхаччалц хууш хӀумма а дац.
Исламан аьтто баьллера цхьаннан телефонехула хаамбан, ша Ставрополан кӀоштара лоьмар 1 йолчу психиатрин дарбан цӀийнехь хилар, иза пачхьалкхан хьукмат йу. Беро шена гӀо оьшу аьллера, "шена тӀе цхьаъ ваийтахьара" аьлла, кхин зIене ца ваьллера иза. Оцу йукъанна дарбан цӀийнехь болчара харцдира шайгахь и цIе йолу дархо хилар.
«Нана йоцу Кавказ» тобанан белхахочо бахарехь, дукха хьолахь доьзалехь ницкъбен нах церан гергарчара реабилитацин центрашка охьабохку, атеизмех дарба дан, йа «жинаш арадаха» олий. Тхан сайто кест-кеста йаздо ишта нисделлачу гIуллакхех лаьцна. Амма бертаза стаг пачхьалкхан хьукмате виллар – и наггахь бен хуьлуш дац.
"СК SOS" кризисан центрера Мирошниковас ма-аллара, регистраци йина а йоцчу дарбанан хIусамашка кхачабо кхиазхой а цхьаьна.
"Дукха хьолахь цига кхачош болу нах лоьраша хьийсош ца хуьлу, и нах "меттабалон" олий охьабохку. Тхан практикехь дукха меттигаш нисйелла, масала, стагана гомосексуализмна, атеизмна, йа ур-атталла дена-нанна муьтӀахь ца хиларна "дарба" дайта лууш. Иза хила тарло абсурде бахьана, и стаг психиатрин клинике охьавилла бух хила йиш йоцуш долу. Амма Къилбаседа Кавказехь вай кест-кеста нислуш ду и хӀума – нах цу тайпачу хьукматашкахь нисло, шайн гергарчарна луучу кепара уьш лелаш цахиларна", - бохура кризисан тобанан векало.
Марсхьокху-беттан йуьххьехь Мусиев Ислама йуха а йаздира бакъоларйархошка. Цо дийцинера, шен дас-нанас дарбанан цIийнера араваьккхина ша, цул совнах кхечу регионе дIа а вахана, цигахь Iен а, деша а бакъо йелла шена аьлла. Цунна лерина петар лаьцнера – ткъа хIинца кхиазхочунна, цо бахарехь, ша маьрша а, паргIат а хета.
Доьзалехь ницкъбинчун кхоллам ишта берзар, къаьсттина кхиазхочехь гIело латтор шатайпа масал ду, бохуш, мукӀарло до редакцица къамел динчара. Царна хетарехь, кхузахь пайда баьлла, и гIуллакх нахаладаккхарна а, тайп-тайпанчу хьукматашка дӀахьедарш дарна а.
Оцу тайпа дийцар йоIаца нисделла хиллехь, тхан сагатдар кхин а алсам хир дара
"Хилларг нахаладаккхаро масийта са кIелхьарадаьккхина. ХӀунда аьлча, наггахь доьзал кхета, ницкъ барна, Iадаташа магош делахь а, жоьпалле кхачо йиш йуйла а, цо тактика хуьйций а. Къизалла йу бакъонаш талхор, тIехула тIе адам дер муххале а. И тайпаниг цхьа наггахь бен ца нисло, кхерамаш тийсар кест-кеста хуьлу. Амма иза бахьана дац церан терго ца йан", - элира "Нана йоцу Кавказ" организацин векалша.
Оцу йукъанна говзанчаш кхин дIоггара тешаш бац кхиазхочун гIуллакхаш цунна ма-моьтту дика хир ду аьлча, цуьна кхерамзаллех шеконаш йу церан.
"КIантана сагатдо оха, хIунда аьлча, вайна гина ду: гергарнаш бертабахар доьрзу тIаьхьо цуьнан гIуллакх кхин а ирча а долуш. Иза йоI хиллехьара, тхан кхерамаш кхин а чIогIа хир бара. Амма кхузахь вуьйцург эгIаза кхиазхо ву, тхуна ца лаьа иза зIенера дIавала. Шен 18 шо кхаччалц иза ден-ненан куьйгакIел хир ву. ХIара хьал тесна дуьтийла йац, Исламан берхIийтта шокхаччалц муххале а", - билгалдоккху къамелдечо.
"СК SOS" тобано Мусиев Исламан истори "боккха толам" лору, хIунда аьлча, йуьхьанца цунна гIо дан шансаш чIогIа кIезиг йара.
"Ислама бакъонашларйархошца динчу къамеле ладоьгIча, тхан цхьа а бух бац, цуьнан гIуллакхаш вон ду аьлла хета. Амма хIетте а цуьнан тIаьхье хийцайала тарло вочу агIор бохург а - хир дац олийла дац тхан", - боху Мирошникова Александра.
Хьалхо кризисан тобанан директоро Истеев Давида а ишта дIахьедира, МусиевгIеран доьзална тIехь хуьлучунна тIехь терго латтон йеза аьлла. Цо бахарехь, шена лаьцначу хIусамехь Ислам Iаш велахь а, зIене ненан телефонехула волу иза.
ГIалгIайчуьра "мода"
Оцу йоллу хеначохь цхьа а хIума гучу ца даьлла, ГӀалгӀайчура кхиазхо хьахочу бехктакхаман гӀуллакхах лаьцна – хIумана бехкевийриг иза вацахь а. Амма оцу республикера ницкъаллин структурийн белхахой бу доьзалехь ницкъ бина нах лецаран "трендаш" кхуллуш берш. 2023-чу шарахь дуьххьара бехкзуламан гIуллакх долийра кхузахь Гиреева Лайлаана дуьхьал. Доьзалехь йетташ, кхерамаш туьйсуш бала хьегна йеддера иза. Гергарчара иза къола дарна бехке йора, иза лаха полисхой тIьаьхьабахархьама. Амма церан шайн ка йелира йоI карон.
ТIаьхьо изза кеп лелон буьйлабелира Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а. Уггар а нахаладаьллачех дара, масала, Сулейманова Седин гIуллакх. Иза лецира Санкт-Петербургехь 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь. ЦIахь гIело латторна, бертаза цавезачу стаге маре йала хьийзорна Нохчийчуьра йеддера иза. Керлачу гIалахь болх а, доттагIий а, везар а карийнера цунна. Амма полисхоша кадыровхошка дIайелира иза, ткъа цара Нохчийчу дIайигира Сулейманова – цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх ду аьлла. И гIуллакх листарх лаьцна кхин цхьа а хаам ца бира.
2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Седа тIехь видео гайтира, иза могуш-маьрша а йу, цунна бакъонашларйархойн гIо а оьшуш дац аьлла. Оцу йукъанна бакъо ца йелира йоIана йистхила. ХIетахь дуьйна цунах хилларг хууш дац. Махкарчу шайн хьасташна тIетуьйжучу бакъоларйархойн зерашца, йоI йийна хила тарлуш йу «сий лардеш».
Гергарнаш жоьпе ийзош банне а бац
Шайн цIера бевддачарна дуьхьал харц бехкаш дехкина гергарнаш цкъа а жоьпе озийна бац – хIара шо тIекхаччалц. Марсхьокху-беттан 9-чохь гIалгIайн полисхоша дуьххьара официалехь дIакхайкхийра, Экажево эвларчу 43 шо долчу тсгана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долорах лаьцна. 2024-чу шеран лахьан-баттахь цо бехкевинера къоладарна Москва дIавахана шен вешин кIант.
ТIаьхьо шеконаш йолчо мукIарло дира, бехкаш бух боцуш дехкинера ша аьлла. 300 эзар сом гIуда догIу цунна, пачхьалкхана маьхза белхаш байта а тарло, йа кхаа шарна гергга чохь йаккха хан тоха мега. ГIуллакх толлучу йукъанна бехкевийриг цIера валар а дихкина витина. Цуьнан вешин кIентан кхолламах лаьцна хууш дац.
Мирошникова Александрин дешнашца. Оцу гIуллакхехь доккха дакъа лецира, вуьйцург вешин кIант хиларна, йоI а йоцуш.
«Тхан практикехь оцу тайпа гIуллакх нисделла дац. Тхоьга да делларг хIун дара аьлча, волайнхо лехамашкара дIаваккхийтар, тIепаза вайна ву иза аьлла. Гергарчарна дина таIзар дац цкъа а. Цундела, дика хьаха ду кхузахь низамо болх бина. Кхин а чIогIа хазахетар дара, доьзалехь бечу ницкъах уьдучу зудаберех хьакхаделлачу гIуллакхашкахь а низам лелаш хилча. Амма оцу кепара практика цкъачунна йац йа тхан а, йа тхан белхан накъостийн а», -дерзийра къамел "СК SOS" кризисан тобанан векало.
- Товбеца-беттан 13-чохь Тбилисехь суьйранна лачкъийра доьзалехь гIело латторна йедда хилла Авторханова Лаура. Иза Iалашйен гуьржийн полицин ордер йоллушехь, йоI Оьрсийчу дIайига хьийзаш бара. Бакъоларйархой а, жигархой а йукъагIоьртинчул тIаьхьа маьрша йитира иза.
- ТIом болабелчхьана Орсийчоьнан куьйгалло ЛГБТ-нехан хьокъехь репрессийн низамаш йукъадоху. Бакъонашларйархоша дIайаздеш ду гомосексуалаш а, трангсперсонаш а хьийзийна гIуллакхаш. Къаьсттина эгIаза тоба хилла йуьсуш йу Къилбаседа Кавказера квир-адамаш. 2024-чу шарахь ЛГБТ-йукъараллашна гIо деш болу нах стенах Iиттабелира а, и хьал тIейогIучу заманчохь муха кхуьур долуш ду а, дийцира Кавказ.Реалии сайте эксперташа.