"Сий доцу а, бехк боккху хIума а ду". Вайна кIант лоьхучу йукъанна а шайна пайда лехна КадыровгIеран доьзало

Вайна хилла Мудаев Джабраил лоьхучу меттиге веана ву Кадыров Адам

Нохчийчохь нах арабевлла йалх дийнахь кIант лоьхуш йолийна хилла операци йирзира, цу ворхI шо долчу кIентан Мудаев Джабраилан дакъа хи чохь схьа а карош. Оцу бохамо гайтира регионан бахархойн цхьаъ хилар. Амма оццу хенахь Ӏедалхой йемал бира, нехан керта деанчу вонах а шайна са лехна аьлла. Боллу мохк ладоьгIуш Iачу заманчохь кIант леха арабевллачарех дIакхийтира Кадыров Рамзанан кIентий – Ахьмад а, Адам а.

Лаха Ноьврехь вайра Джабраил марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь. Талламхошна хетарехь, кевна бухула а ваьлла, стенга воьду а ца хууш, дIаваханера иза.

"И кIант могуш вац, мотт хууш вацара, шега кхайкхича дуьхьал жоп дала а гунахь вацара, цабевзачу нахах къаьхкаш а вара", - дIахьедира махкарчу Талламан комитетан урхаллехь дега-нене а, лулахошка а хеттарш динчул тIаьхьа.

Жима кIант вар бахьана долуш йоллу йурт а, кIошт а меттахйаьккхинера, орцах баьхкира луларчу мехкашкара нах а цхьаьна: ГӀебарта-Балкхаройчуьра а, ГӀалгӀайчуьра, Ставрополан махкара а, Дагестанера а. Дерриге а дуьнено аьлча санна лоьхуш дара и бер.

Шайна бен-башха дац боху сурт хIиттон дийзира

Тайп-тайпанчу хьостанаша дийцарехь, лехамашкахь дакъалоцуш хилла кхаа эзарна тIера ялх эзар гергга наха – меттигера бахархой а, "Лиза Алерт" тобанера волонтераш, ткъа иштта ницкъаллин структурийн белхахой, орцан сервисаш а. Иза лаха арабевллачу меттигехь цхьаъ бен йоцу лар йара - Джабраилан сийна тударг. Иза карийнера марсхьокху-беттан 10-чу дийнахь Теркана уллехь – Лакхарчу Ноьврана масех бӀе километр генахь. ШолгӀа тударг карийра жимма тӀаьхьа Правобережное олучу эвлана гергахь. Шен ненан аз хезна а, цхьана агIор гучувер вацара-те аьлла, орцанхоша нене кхойкхуьйтуш шен кIанте дIайазйина аудио йара динамикашчухула хозуьйтуш эвла мел йу.

"Джабраил, схьавола мамина, цӀа вола" аьлла, хезаш дара йоьхначу ненан аз.

КIант лоьхучу йалхолгIачу дийнахь цуьнан дакъа схьакарийра хи чохь.

Кадыров Рамзана шеггара комментари йира дуьххьара бер лоьхучу пхоьалгӀачу дийнахь, иза карон цхьа де дисча. Цо дӀахьедира, шен тӀедилларца операцехь дакъалоцуш бу "Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, МЧС-н а, Росгвардин а, тӀеман министраллан а эзар белхахой" аьлла. И дӀахьедар даран бахьана дара социалан машанашкахь жигархоша орца доьхуш бина кхайкхамаш. Ӏедална мехала дара дерриг а шаьш вовшахтоьхна хилар а, тоъал сов гIирсаш юкъаозийна хилар а билгалдаккхар.

Кхул а хьалха республикерчу хаамийн гӀирсаша чӀагӀдора, Джабраил лехар Нохчийчоьнан куьйгалхочун тергонехь ду, цо шен лаамехь мел оьшу гӀирс дӀахьажийна цига бохуш. Амма ма-дарра дийцича, лехамашкахь болчу нехан чаташкахь вовшашка хоьттуш, лоьхура тIе ца тоьа гӀирсаш – хи талла электронан гидролокатор а, дронаш а, тепловизорш а. Цигахь дакъалоцуш хиллачара реза боцуш йаздора, хьалхарчу деношкахь шайгахь бинокль йоцург хӀумма а дацара бохуш.

Республикан куьйгалхочун кӀентий а дӀакхийтира лехамех. Воккхахволчо, спортан министро Кадыров Ахьмада, кхайкхам бира шен куьйгакӀел болчаьрга, ара а довлий, бер лаха аьлла. Амма цо и кхайкхам бира операцин дIахьочу тӀаьххьарчу дийнахь, ткъа ша аьттехьа а ца веара иза бохам хиллачу метте. Амма цига кхечира цуьнан ваша Кадыров Адам, нохчийн куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан 17 шо долу воI, республикан Кхерамзаллин Кхеташонан секретар волу. Иза валош цхьаьна бахкинера йалх машенахь нах, цхьа гайтаме акци йолуш санна сурт хIуьттура.

Кадыров Адамца цхьаьна оцу меттиге веанера зорбанан министр Дудаев Ахьмад а, масех оператор а. Уьш цхьаьнакхийтира вайначу кIентан деца, цуьнан дог оьцуш къамел а дина, ахча чохь тIоьрмиг кховдийра дега, Кадыров Ахьмадан фондера ду хIара гIо аьлла.

Беран дакъа схьакарийча, Ӏедалхоша катоьхна дехар дира волонтерашка дӀасадовла аьлла. Оцу тIехула цакхетам хилира хIинццалц схьа вайна кIант лоьхуш хиллачу нахана йукъахь.

Соьлжа-ГӀаларчу цхьана университетан нохчийн политологна (редакцино цуьнан цӀе ца йоккху кхерамазаллин бахьанашца. - Ред.) Кадыровс а, цуьнан гоно а ворхӀ шо долчу Джабраилах Iоттабеллачу бохаман тIаьхьа бен терго йина цахиларо гойтуш ду, могӀарерчу бахархоша ловчу баланашна церан бала цахилар.

Шефан могушалла эшна йогIучу йукъанна хьаькамаш дIа малбеллера

"Церан адамашца бала хуьлу, йукъараллехь кхечу инзаре дукха адамаша шайн тоьлла аматаш дIагайтича - къинхетам, дакъалацар, орцах бовла кийча хилар. Ткъа хIорш [Iедалхой] гучубовлу шайна пиар йеш соьмаш чохь конверташ а карахь, и чIогIа сий доцуш а, бехк боккху а хIума ду.

Мудаевца хиллачу дийцарехь, кхин дӀа а къамел дира тхан хьостано, Ӏедал йуха а тӀаьхьадисина: цара "доьзалан мидалш лелош волу Кадыров Адам" вахийтира лехамаш дӀахьочу волонтерийн штабе. Машенийн ковра а, хадархой а улло а баьхна. Ца дирзира гIуллакх спецэффекташца йолу "кино" ца гойтуш а.

Соьлжа-ГIалара политолого аьллачунна тIетайра Европера "Цхьааллин ницкъ" боламан декъашхо Музаев Сайхан а. Цунна хетарехь, Iедалхойн лаам бацара гIо дан – уьш шайн хьал дуза гIерташ, ларош а бац. Мудаев дIавар бахархоша лазаме тIеэцна хилар шайна гича, куьйгалло сихонца дIагайтира и кIант лоьхуш дара шаьш йуьхьанца дуьйна а аьлла.

"Iедалхошна гира, нохчийн жимчу Теркйистера доьзале беана бохам бахархоша шайга деана вон долуш санна тIеэцар. ТIаккха катоьхна сурт хIоттон дийзира церан, шаьш а йуьстах дац оцу гIуллакхана аьлла", - хета Музаевна.

Къамелдечо дагадаийтира палестинхошна ахча вовшахтухучу заманчохь хилларг а. Кхузахь, бохура цо, Iедалхой "ца бевллачу денна йукъагIоьртира процессна", боллу Нохчийчуьра бахархоша шайн жигаралла дIагайтича. ТIаьхьо Кадыров Адам йукъавалийра, ахча гулдарна тIехь терго латто аьлла.

Музаевна хетарехь, махкара Iедалхоша бер дайначу хьалхарчу деношкахь тидам ца бар доьзна хила тарло Iедалан мукъ малбаларца – Кадыров вон цамгар ловш ву, цуьнан метта хIоттон стаг лоьхуш ву бохучу йукъанна.

"Гуш ду, хьаькамаш дIа малбелла Iа, шайн шефан могушалла телхина йогIучу йукъанна", - дерзийра цо къамел.

  • ГIалгIайчуьра 16 шо долчу вахархочо Мусиев Ислама дийцира доьзалехь шегахь бала латтош хиларх лаьцна- гергарчара йетташ хиллера цунна, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Кхиазхо вайра, кхиазхойн гIуллакхашказула йолчу инспекцига йукъагIортахьара аьлла бакъонашларйархоша дехар динчул тIаьхьа. ТIаьхьо къаьстира, психиатрин лазартне иза охьавиллина хилар. И гIуллакх гIарадаьллачул тIаьхьа Ислам дарбанан цIийнера ара а ваьккхина, цIа вигира. Цунна бакъо йелира луларчу регионехь ваха. Делахь а, эксперташна хетарехь, цуьнан дахарна болу кхерам дIабайна бац.
  • 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий шайн йишица Iайшатца «ДНР» олучу республике бахара. Цунах лаьцна шутйра дийцира Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь а- цо чIагIдора, шен кхиазхой-воIарий тIамехь дакъалоцуш бара бохуш. Ткъа критикаша дIахьедора, и монтаж йара бохуш. Цул тIаьхьа и бакъдира Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада а.